ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iедалхойн бала дIа бац тутмакхашца". Оьрсийчоьнан набахтешкахь кавказхошка гIело хьегийтар


ИК
ИК

Товбеца-баттахь гӀараделира Владимиран кӀоштарчу лоьмар 3 йолчу колонехь Нохчийчуьра Висангириев Сайд-Ахьмадана тӀехь ницкъ барх а, цунна гӀело йарх а, иза сийсазварх а лаьцна. Ах шо гергга хан йаьккхина цо ша цхьаъ латточу набахтехь, цунна лоьраш тIе буьтуш а бац, цIе ца йоккху лазар ду аьлла, шеконаш йоллушехь. Хьалхо Висангириевна дуьхьало йинера шен цӀенна гергарчу колоне дехьаваккха. Нохчийчуьра омбудсмен йукъагӀоьртинчул тӀаьхьа тутмакх оццу Владимиран кӀоштарчу кхечу колони дехьаваьккхира, ткъа керлачу колонехь иза маса таӀзаран камере хьажийра. Оьрсийчоьнан колонешкахь таIзар токхучу Къилбаседа Кавказан бахархойн хьолах а, билгалдаьхна низамаш а, деш хьаькамийн дӀахьедарш а долушехь, шайн цIенна гергахь йолчу набахтешкахь дехьабаха дуьхьало йо царна. Оцу доллучух а лаьцна ду кху материалехь.

Висангириевн гIуллакх

38 шо долу Висангириев Сайд-Ахьмад Нохчийчохь вина ву, ткъа цуьнан доьзал тӀом боьдуш Ростовн кӀошта дӀабахара. 2019-чу шарахь 11 шой, цхьа буттий хан туьйхира Висангириевна, цхьана тобана йукъахь боккхачу барамехь талораш дарна, цул тӀаьхьа "цара тIекхоьсира экстремизман артикл", чӀагӀдо бехкевинчу стеган вашас.

Оха иза низамехь а доцуш бехке вина ца боху, амма стенна лелайо и тайпа къизаллаш?

Цо бахарехь, тутмакхо дийцина цуьнга Владимиран-махкарчу номер 3 йолчу колонин белхахоша кест-кеста шега бохьучу балех а, сийсазаллех а. Ах шо сов хан йаьккхина цо цхьалхачу набахтехь, хӀинца шеко йу тутмакхах цIе ца йоккху лазар хьакхаделла аьлла. Цул совнах, цо латкъамаш до дагар лаьтта шена, и охьа долуш а дац бохуш, ишта пехашкахь лазар а лаьтта. ВисангириевгIахь долчу хьоло Iаламат чIогIа сагатдо церан.

"Оха ца боху, цунна йогIуш тоьхна йац хан, хилийтахьа иза бехк болу чохь валлош а. Амма шена тоьхна хан токхуш ма ву и стаг, стенна лелош йу цунна тIехь и къизаллаш?", – ца кхета къамелдийриг.

Висангириев Сайд-Ахьмада масийттазза доьхура ша кхечу колоне, шен гергарнаш бехачу меттигна герга дехьаваккхар, амма хIоразза а цунна дуьхьало йора, хаамбина тхан сайте цуьнан гергарчо. Коьрта прокуроре а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга а, Оьрсийчоьнан омбудсмене а латкъамаш бира тутмакхан доьзало, цунна тӀехь латтош долу Ӏазап сацор а, шаьш охьадагарден тоьшаллаш таллар а доьхуш.

Висангириев Сайд-Ахьмад
Висангириев Сайд-Ахьмад

И бахьана долуш зазадокху-беттан 4-чу дийнахь Нохчийчоьнан омбудсмен Солтаев Мансур цхьаьнакхийтира тутмакхан вешица Висангириев Сайд-Мохьмадца, ткъа цул тIаьхьа 4 де даьлча дӀахьедар дира тутмакх оццу Владимиран кӀоштарчу кхечу ИК-6 олучу таӀзаран колоне дехьаваьккхина аьлла. Цига дӀакхаьчча, маса 10 денна таӀзаран камере хьажийнера иза, цул тӀаьхьа ша цхьаъ латточу камери чу а воьллира. Цуьнан бахьана дара, Висангириевн вашас чӀагӀдарехь, уьйтIа а ваьккхина, цуьнан дегIах хьовсу шаьш аьлла, коч дIайаккхийтар. ТIаккха и дерриг а телефона тIе дIайаздинера, хила деза куц-кеп ца лардина цо аьлла

"Ишта шеца стенна лелайо аш харцо аьлла, Сайд-Ахьмада шайга хьаттича, номер 3 йолчу колонин белхахоша аьлла хиллера, шаьш номер 6 йолчу колонин тIедахкаршца лелаш ду", – дIахьедира тутмакхан вашас.

Тумгоев Тимура гIуллакх

2018-чу шарахь Украино Оьрсийчу дӀавеллачу Тумгоев Тимура Вологдан кӀоштарчу номер 5 йолччу таӀзаран колонехь шен куьйгийн пхенаш хедийра, цигахь шегахь латточу гӀелонан хьелашна дуьхьало йеш. Шемарчу тӀамехь радикалан исламан тобанийн агӀор дакъалаьцна аьлла, набахтехь даккха 18 шо хан туьйхира цунна. Тумгоевс чӀагӀдо, ша цкъа а хилла вац цу пачхьалкхехь бохуш.

Тумгоев Тимур Къилбаседа ХIирийчохь вина ву. ГIалгIайн-хIирийн конфликт хиллачул тIаьхьа, церан доьзал ГIалгIайчуьра Мешета эвла дIабахара. Цигахь хан йаьккхира цара 1998-чу шаре кхаччалц.

Тумгоев Тимур
Тумгоев Тимур

"1998-чу шарахь, тхан да кхелхинчул тIаьхьа, Аушевс (ГIалгIайчоьнан хьалхара президент Аушев Руслан) шен нах а бахкийтина, тхо оцу хIусамера аратийсира, доцца аьлча. Цхьа четар делира тхуна, иза а хIоттон меттиг а бацара", – дагалоьцу Тимуран йишас Тумгоева Маринас.

Билгалдаккхар: ГӀалгӀайн йарташкара массех доьзал арабаккха сацам бира ГӀалгӀайчоьнан президенто Аушев Руслана 1990-чу шерашкахь. И сацам боьзна бара дозанан кӀошташкара хIирийн бахархошца иккхина конфликт йерзо гӀортарца.

Халла хене бала гIертара доьзал. Болх лоьхуш, Къилбаседа ХӀирийчуьрчу Карца йуьрта дӀабахара ТумгоевгӀеран доьзал. Тумгоев Тимура шен 18 шо долуш зуда йалийра, хӀинца ши кӀант ву цуьнан. Царах цхьаъ цомгуш хилча, дарба дан Гуьржийчу вигира иза; тӀаьхьо доьзал цӀа бирзира, амма Тумгоев оцу махкахь жимма болх а беш, сецира, чӀагӀдо цуьнан йишас.

"ТӀаккха тайп-тайпана хьукматашкара нах эха буьйлира тхан цӀа, хеттарш дан а, хIусамах хьовса а. Тимур Шема вахана, элира цара тхоьга. Цул тӀаьхьа цо тхоьга телефонаша йиттина лоьмарш теллира ас, уьш туркойн лоьмарш йара. Гуьржийчуьра Туркойчу вахана хиллера иза, ахча даккха", - дуьйцу Маринас.

Оьрсийчохь Тумгоев бехкевора террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобанехь дакъалацарна. Туркойчохь шен виза чекхъйаьлла дукха хан йалале Украине дӀавахара Тимур. 2016-чу шарахь Харькован аэропортехь лаьцна хиллера иза, цуьнан йишас дийцарехь, "кхетамчуьра валлалц йиттинера". Йеххачу хенахь иза велла лоруш вара цуьнан доьзало - Харьковерчу СИЗО-хь Тумгоевн арахьарчу дуьненца цхьа а зӀе йацара. Исс бутт баьлча, цӀа телефон тоха аьтто хилира цуьнан.

Бакъо йоцуш украинхойн доза хадорна, цхьа шо хан а тоьхна, чу воьллина хиллера Тумгоев Тимур. Цул тIаьхьа цигахь ваха бакъо йаккха а хьийзира иза. 2018-чу шарахь ФСБ-н дехарца Оьрсийчоьне дIавелира иза.

Хьалхо Шейх Мансуран цӀарахчу лаамхойн тӀеман батальонан векалша дӀахьедира, Тумгоев Донецкан кӀоштахь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна дуьхьал дӀахьочу тIамехь дакъалоцуш ву аьлла. Украинан Коьрта прокуратуро чӀагӀдора, Тумгоевс тIемашкахь дакъалаьцна дац аьлла. Иштта Маринас харцдира шен ваша тIеман декъашхо хилла хилар, вашас бахарехь, иза цу тобанах дӀакхетта хиллера "маьршша дӀасалелархьама".

40 градус бурко йу, ткъа иза йовха куртка а йоьхна Iаш ву

2019-чу шеран мангал-баттахь Ростов гӀаларчу Къилбаседа Кавказан гонан тӀеман кхело 18 шо хан туьйхира Тумгоев Тимурна шогачу хьелашкахь йолчу колонехь даккха. Талламчаша чIагIдо, бехкевийриг 204-чу шарахь Къилбаседа ХӀирийчуьра Гуьржийчу вахана хилла, цигахь цо "экстремистийн агӀор идеологин Ӏаморашкахула чекхваьлла, иштта герз а, лелха хӀуманаш а лелоран говзалла кара а йерзийна".

Колонехь даьккхинчу 6 шарахь "хӀоттийна къепе вон йохорийг" ву аьлла цIе йахна цунах. Ницкъ бира Тумгоевна кхечу колони дIавуьгучу заманчохь а, ша чохь латточу хьелашна дуьхьало йеш мацалла кхайкхийра цо, лаг а, пхенаш а хедийра шен.

Тумгоева Маринина тӀаьххьара шен ваша гина 2024-гӀа шо чекхдолуш. Масех баттахь тутмакха гергарчаьрга кхоьхьуьйту кехаташ дIалуш ца хиллера, йа кхуьнга кхачош а дацара. Цуьнан йиша Вологодскера колоне йахара, амма ваша гар ца хилира. Цо дийцарехь, мангал-беттан 5-чу дийнахь Тимурна 4 бутт хан тоьхна цхьана дисциплинаран камерехь витинера, ткъа кӀира даьлча иза таӀзаран камере дехьаваьккхира, цигахь тIуьна йара, боьха йара. "Бурко йу цигахь 40 градус, ткъа иза йовха куртка а йоьхна хиъна Ӏаш ву", бохура цо.

Кху шеран товбеца-беттан 23-чу дийнахь Тимура латкъам бира (редакцехь кехатан копи йу) лаьцна латторна тӀехь терго латточу прокуроре, шен бакъонаш: адамаллин хьелашкахь латто бакъо а, могашалла ларъян бакъо а, шен доьзалца зӀе латто бакъо а дӀайаьккхина хилар тергоне а эце, цуьнан цхьа йист йаккха аьлла. Дуьхьало йеш, цо дӀакхаьллинера аьчкан хӀуманаш (лезви, винташ, маха). Тумгоевна тIе лоьраш ца бахкийра; де-дийне телхаш догIу цуьнгара хьал а.

Тумгоев Тимуран прокуроре йаздинчу кехат тӀехь ду, шен бакъонаш Iалашйарх дийцаредан адвокат кхайкха бакъо йац шен, ткъа ша латкъам бинчу прокуратуран векало ша "тергал а ца веш, формалан кепехь таллам бира" аьлла.

2020-чу шарахь Тумгоев Тимуран доьзал гӀиртира иза шайн регионе дехьаваккха йа хӀусамнана а, бераш а дехачу меттигна герга вало, амма дехар кхочуш ца дира: Саратовн кӀоштан юкъараллин мониторинган комиссина ца карийна ФСИН-о Тумгоевца доьзна цхьа а низам дохийна меттиг.

Тумгоевн адвокато Бирюкова Жаннас доьзалан цӀарах рогӀера латкъам бина Вологодскан кӀоштарчу таӀзарш кхочушдаран федералан урхалле, цӀенна гергахь йолчу колони дехьаваккхар доьхуш. Тумгоевн хьолехь колони хийцаран "башха бахьанаш" ду аьлла билгалдаьккхинера, цо Iуналла дан дезаш йолу цуьнан цхьа йиша а, кIант а заьIапхой хилар. 15 шо долу Тумгоенв кIант ДЦП йолуш ву.

Йуха 2020-чу шарахь Оьрсийчохь низам йукъадаьккхира, тутмакхаш церан доьзалш бехачу регионашкарчу колонешка дехьабаха бакъо луш. 2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело къобалдира тутмакхна шен доьзал ган лаар къобалдан "башха бахьана" ду аьлла. Амма ФСИН-ан белхахоша а, кхелаша а дукха хьолахь кхочуш ца до церан дехарш, къаьстина Къилбаседа Кавказера схьабевллачийн.

Кавказера дукхахболу нах шайн таӀзарш токхуш бу мел а шайн мехкашна генахь. Ӏазап ловш а, адамаллех доцчу хьелашкахь а латточу Нохчийчуьрчу бахархоша масийттазза латкъамаш бира, шаьш республике дехьадахахьара бохуш.

Адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Солтаев Мансура мангал-беттан 11-чу дийнахь хаам бира, 150 сов тутмакх Нохчийчуьра а, Ставрополера а набахтешка сехьабаьхна аьлла. Шайн доьзалшца хаддаза зӀе латторо "дика тӀеӀаткъам бо церан реабилитацина" бохура цо. Амма Ӏедалша билгал ца даьккхина, баккъал а хьенах хьакхалуш ду и дехьаваккхар.

Тхан сайто кест-кеста йаздо Нохчийчуьрчу бахархой шайн мехкашкарчу колонешка сехьабахарх гIуллакх цахиларх лаьцна. Масала, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна а, герз лелорна а бехке а вина, 4 шой ах шой хан тоьхначу Баканиев Салахьна дуьхьало йира таӀзарш кхочушдаран Федералан урхалло. ТӀаьхьо кхело иза низамехь дац аьлла къастийра. Изза хьал хӀоьттира бандиталла лелорна а, нах байарна а, полисхошна тӀелатар дарна а бехке а вина, 25 шо хан тоьхначу Дахтаев Албекаца а. Кхело сацам бинехь а, цунна бакъо ца йелла шен доьзална гергарчу колоне дехьаваккха. Оццу хенахь оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевина, набахтехь хан токхуш хилла Нохчийчуьра Бахаев Хьамзат 2025-чу шарахь даймахка валийра.

Паччахьан Оьрсийчоьнан заманахь дуьйна кхелан система толлуш волчу бакъонашларъярхочо, политолого Кутаев Руслана билгалдаьккхира, 17-чу бӀешарахь набахтеш йевзаш йара бехкебинчу нахаца къизалла лелорца, ткъа цигара хьал хӀетахь дуьйна кхин хийцаделла дац аьлла. Украинана дуьхьал тӀом болабелчхьана дуьйна, тешна ву къамелхо, Путинан Ӏедало къаьсттина къизалла лелийна бехкебинчу нахаца, уьш Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца ийзош.

"Сан дегайовхо йу, нагахь санна стаг тӀаме ваха а кийча велахь, цунна тIехь хӀун гӀело латтош хир йу [колонехь] аьлла, кхетам хир бу аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан набахтешкахь оцу дерригенах а чекхволу массо а, муьлхха а Iедалан раж цигахь йелахь а. И система хийцалуш йац, хӀара адамо адамца лелориг ду, дийнате санна, цкъацкъа-м кхин а буьрса а ", - аьлла хета Кутаевна.

Кхечу нохчийн бакъонашларъярхочо, Оьрсийчохь репрессийн низамаш тӀеэцарца доьзна цуьнан цIе ца йоккху оха, бахарехь, Оьрсийчоьнан набахтешкахь хенаш токхуш болу Нохчийчуьра схьабевлла нах къаьсттина къиза хьийзош бу, ткъа республикерчу Ӏедалийн цаьрца бала а бац.

"Нохчийн Ӏедалхойн банне а бала бац тутмакхашца. Нагахь санна, Нохчийчоьнан Ӏедалшна лиъча, хIокху 25 шарахь колонешкахь нохчашна тIехь латтон Iазап сацийна хир дара", - аьлла комментари йира тхан сайтана къамелдечо.

Иза тешна ву хIинцалера Iедал мел ду Оьрсийчуьра набахтен система хийцалур йац аьлла.

Кутаев Руслан а тIетов цунна: "ХIара Iедал хийца ца лахь, набахтешкахь тIехьожурш, оперативан белхахой, рожехь берш, урхаллин система хийцалур йу аьлла, ца хета суна".

  • Росфинмониторинго "экстремистийн а, террорхойн а" тептаре йазвина 42 шо долу нохчо Алханов Мохьмад. Стохка гурахь 10 шо хан туьйхира цунна, 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна бехке а вина. Цул хьалха иштта кхел йира Алхановна, низамехь йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна, ткъа 2021-чу шарахь Астрахан кӀоштарчу психиатрин дарбан цӀийнера ведда аьлла, бехке вира иза.
  • Юристаша дIахьедо Къилбаседа Кавказан регионашкахь терроризмаца къийсам латтабо а бохуш, ницкъахоша шайггара дуккха а бехкзуламан гIуллакхаш бахархошна дуьхьал дохуш хиларх. Адвокаташа а, бакъоларйархоша а билгалдоккху, дукха хьолахь ницкъахоша тIемалой бу бохучара, таллам дIахьочу заманчохь дIахьедо, тIехь гIело а латтийна тIелацийтина шайга бехкаш бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG