Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна, ГIазза секторан бахархошна гулдечу ахчана тIехь терго латтор йу Кадыров Адама, ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу постехь мацалла кхайкхийна пхеа украинхочо – цунах а, и доцчух а ладогIа таро хир йу шуна хан 113-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #113
Мусаева Заремина кхо шой, 11 буттий тоьхна
Оппозицин жигархойн нанна Мусаева Заремина набахтехь даккха кхин а кхо шой 11 буттий кхайкхийна Нохчийчуьра Шела гIалин кхело. Цунна бехке диллина колонин балхана новкъарло йар.
Талламан хаамашкахь йаздарехь, полисхочунна тIелетта аьлла ишта а шен хан токкхуш хилла Мусаева, таIзар кхочушдаран Федералан урхаллин белхахочунна тIелетта, цуьнан логах мIараш а тосуш.
Iазапашна дуьхьал йолчу Командо билгалдаьккхира, цхьана а тешо и бакъдина цахилар. Прокуратуро доьхура чохь даккха диъ шо тоха цунна.
Тоьхна хан стенгахь йоккхуьйтур йу Мусаева Зареме, цкъачунна дуьйцуш дац. ТIаьххьарчу шен дашехь зудчо дийхира, ша тIелетта аьлла бехкейина ФСИН-н белхахо болх беш волчу меттиге ша ма хьажайахьара аьлла.
Мусаева Зарема - Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика йечу оппозиционерийн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрахIиман а нана йу, ткъа Нохчийчуьра Лакхарчу кхелехь цхьана заманахь болх беш хиллачу суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана йу.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн закъалтхо? Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин керла бехкзуламан гIуллакхНабахтера маьршайала масех бутт бисинчу хенахь керла бехктакхаман гIуллакх долийра зудчунна дуьхьал. И нисделира цуьнан цхьахволчу кIанта Кадыров Рамзанах лаьцна къамел дина ши де даьлча.
Карладоккху, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 дей-буьйсий туьйхира кхело йуьхьанца. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу йукъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Оцу кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
2023-чу шеран товбеца-баттахьСоьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо, ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна.
Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
ГIаззана гулде ахчанан куратор - Кадыров Адам
ГIазза секторерчу бахархошна гуманитаран гӀоьнна ахчанаш гулдарна тӀехьожуш хир ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун I7 шо долу кӀант Кадыров Адам. Хьалхо республикерчу Ӏедалша дихкинера бахархошна цу Ӏалашона шайггара ахчанаш гулдар. Республикерчу "Грозный-Информ" агенталло йаздо кхиазхо керлачу, хӀинцале а бархӀалгӀачу дарже хӀотторах лаьцна. Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацехь цхьаьнакхетар хилира уггаре а йаккхийчу "Хайра" а, "Даймохк" а меттигерчу фондийн куьйгалхошца. Цхьаьнакхетар дирзинчул тӀаьхьа махкахь йуха а магийра ГIазза секторна ахчанаш гулдан. "СагӀина" аьлла, цига дIакхачор йу "кхачанан сурсаташ а, молханаш а, кхин а дахарна коьрта оьшуш болу гIирсаш» а.
Хьалхо ахчанаш гулдар ца магорах кхетийра Нохчийчочьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, ГIаззе гӀо-накъосталла д1акхачорца халонаш хиларца а, ахча йихкинчу йукъараллийн кара кхачарна кхерам латтарца а.
Билгалдаккха догӀу, хӀинца официалехь ГIазза секторна ахчанаш гулдеш йолчу фондашна йукъахь "Даймохк", "Хайра", "Аюб" цIераш йолу фондаш хилар, амма йац царлахь "мискачу нахан гIо латтон" Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу йукъараллин фонд.
Your browser doesn’t support HTML5
Кадыровн уггар а цIе йахначу 17 шо долчу кIанта зуда йалийна
15 шо кхаьчча дуьйна, шен ден кхерамзаллин сервисан куьйгаллехь ву Кадыров Адам. 2023-чу шарахь Нохчийчохь вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан тIеман министралина чуйогIучу Бенойн БойсагIаран цIарахчу батальонан куратор хIоттийра иза. Ишта цо Iуналла деш йу, Къилбаседа Кавказхеь Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчу шейх Мансуран цIарахчу батальонан а, Гуьмсера «Оьрсийчоьнан спецназан университетан» а, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн йоллу структурин а. Охан-баттахь Нохчийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан секретарь хIоттийра Кадыров Адам.
Кху аьхка охан-баттахь зуда йалийра 17 шо долчу Кадыров Адама. И даздар дIадаьхьира шуьйрачу барамехь: дашо тапча а кхуьйсуш,ах миллиард мах болу сахьташ а дихкина, инзаре исбаьхьа фейерверкаш кхуьйсуш. Кхузахь тамашен хIун ду аьлча, воккхаха волчу вукху шина кIентан ловзар къайлах хIоттийнера, ткъа кхунах лаьцна хьалхе дуьйна хууш а, дуьйцуш а дара.
Гуьржийн дозанехь мацалла кхайкхийна украинхоша
Къилбаседа-ХӀирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъахь йолчу блокпостехь сацийначу пхеа украинахочо мацалла кхайкхийна. Цара дуьхьало йина "Гуьржийчоьнан дозанхоша низамехь доцург лелорна".
Мацалла кхайкхийначех цхьаммо, бутт гергга заманчохь дозанехь латточу Ларко Сергейс дина дIахьедар зорбане даьккхина Эхо Кавказа сайто.
"Аса, Ларко Сергей Алексеевича, доза доцу мацалла кхайкхайо Гуьржийчоьнан дозанхоша саqн бакъонаш эшош, лелочу харцонна дуьхьал", - аьлла ду дIахьедарехь.
Ларкос чIагIдарехь, 2025-чу шеран марсхьокху-беттан 21-чохь Оьрсийчоьно депортаци йира цунна, ткъа Гуьржийчу кхаьчча цуьнгара схьадаьккхира паспорт, бакъо йоцуш пIелгийн таммагIанаш а ийцира.
"Со адамаллин хьелаш доцчу "Дариали" блок-постан ларми чу воьллира 97 адамаца, царлахь бара ВИЧ а, теберкулез а йолу нах а. Суна бакъо ца йелира Гуьржийчуьра аравала а, тховкӀело йеха а, юридикан гӀо дан а, со лаьцна латторна латкъам бан аьтто хилийта а", - аьлла ду дӀахьедарехь.
Украинхойн консул шайна тIевитар доьху мацалла хьоьгучара, шаьш лецна латторан бахьанех кхетон а, шайна Гуьржийчуьра арадовла аьтто баккха а, лоьраш тIебита а.
Шаьш хьалхатеттина тIедахкарш кхочушдаллалц мацалла йукъах ца йаккха лерина бу уьш.
Маршо Радион оьрсийн редакцин хаамашца, буферан зонехь бIе сов Украинан вахархо ву латтош карарчу хенахь.
Хьалхо тхан сайто хаам бира Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь атточу Украинан бахархойн хьолах лаьцна. Оккупаци йинчу дозанашкара нах бу уьш, йа Оьрсийчохь хан текхна а бевлла, маьршабаьхна нах бу.
Кехаташца халонаш хилар бахьана долуш, нейтралан зонехь йолчу ларми чохь уьш латтон кIиранаш а ду.
Гуьржийчоьнан Ӏедалша дӀахьедина, цу бахархойх дукхахберш къаьсттина луьра зуламаш дарна таIзарш дина бу, цаьргахь дац дозанал дехьабовла оьшу кехаташ, ткъа уьш шайн пачхьалкхе чу битар а "кхераме ду" бохуш.
Тхан сайто масийттазза йаздира Краснодарерчу депортацин центрехь беттанашкахь шаьш дIадахийтаре сатуьйсуш латточу украинхойх лаьцна, цхьаберш цигахь латтон ши шо гергга хан йу. Оьрсийчоьнан низамашца а догӀуш, депортацин центрашкахь 90 дийнал сов хан йаккхийта магош дац. Амма низамашкахь ледарлонаш йитар бахьана долуш, кхелийн бакъо йу йух-йуха а и хан дIайахйан.
Украина дуьхьал йу, гуьржийн дозанера шайн 90 стаг чу вита аьлла, Москвано долийнарг бакъ дац элира дезинформацина дуьхьало латточу украинхойн Центро кху беттан 3-чохь. Украинхойн агIо шен-шен рожехь къахьоьгуш йу, шайн бахархой цIа берзош нагахь санна, уьш билггал шайн бахархой хиларх тоьшаллаш делахь.
Полисхошна тIелетта кхо стаг вийна ГIебарта-Балкхаройчохь
Марсхьокху-беттан 1-чу буса ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ стаг вийра. Ницкъахоша дIахьедина, уьш йихкинчу террорхойн тобанан декъашхой бу, лоцучу хенахь цара герзаца дуьхьало йира аьлла. Низамаш лардархоша цхьа а тоьшаллаш ца далийра цунна.
Официалера хаамца, герзаш деттар хилира республикан Баксанскан кIоштан Исламей йуьртахь. ФСБ-н а, МВД-н а, ишта Росгвардин а ницкъахоша сацийнера кир кхоьхьу машен, шеконашца волу кхоъ стаг чохь а волуш. Дийцарехь, цара герз тоха долийнера кхарна, тIаккха царна дуьхьало йеш, байина уьш. Ницкъахойх цхьа а лазийна вац. Байъинчеран цIераш а, церан мел хан йара а, хоуьйтуш дац, уьш террорна гунахь хиларх долу тоьшаллаш а санна.
Оцу йукъанна бехктакхаман гIуллакх долийра бакъо а йоцуш герз а, лоьлхуьйту хIуманаш а лелорна. Ишта ницкъахошна тIелатар дарна а.
Зазадокху-беттан 5-чу буса ХӀинжа-ГIалин йистехь вийра виъ стаг. Ӏедалхоша дийцарехь, цара герзашца тIелатар дина хиллера некъан полицин белхахошна. ТӀеман тийсадаларш дIахьочу хенахь контртерроран операци кхайкхийра. ТӀаьххьара иза йукъайаьккхира 2024-чу шеран аьхка Дербентехь а, ХӀинжа-ГӀалахь а килсашна а, синагогашна а тӀелатарш динчул тӀаьхьа. ТӀаьхьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцеш кест-кеста хуьлуш йу, ткъа Ӏедалан дӀахьедарш дукха хьолахь ледара хуьлу, цхьадерг къайла а хьош. Цу хьоло дуккха а хеттарш кхуллу иза бакъ хиларх лаьцна, бохура редакцица къамел динчу эксперташа.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: